Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа хІинца хІун ду Сан кхузахь? – хоьтту Везачу Эло. – Мах а ца луш, йийсаре дІадигна ду Сан халкъ, ткъа цуьнан куьйгалхой угІуш бу, – боху Везачу Эло. – Дерриг а дийнахь Сан цІе емалъеш лаьтташ ю. ТІаккха уьш кхечу мехкашка дІабахара, амма цигахь а цара Сан еза цІе сийсазъяьккхира, хІунда аьлча цигарчу халкъаша бохура: „Иза – Везачу Элан къам ду, амма Цуьнан лаьтта тІера арадала дезаш хили иза“. Ас язйийр ю Сайн сийлахь цІе, кхечу къаьмнашна юкъахь бехйина йолу – аша и цІе царна юкъахь бехйинера. Оцу къаьмнашна хуур ду, Со Веза Эла хилар, – боху Хьалдолчу Эло, – шуьгахула Аса Сайн возалла царна хьалха гайтича. КхидІа Мусас элира: «Цул тІаьхьа Везачу Эло иштта элира: „ХьалагІовтта, дІа а гІой, Арнон-хих дехьадовла. ХІан, Ас хьан кара дІало эмархо волу Хьешбон-мехкан паччахь Сихьон а, цуьнан латта а. И латта хьайн кара а дерзош, тІом бе цуьнца.
Выбор основного перевода