Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха паччахьо Ната-пайхамаре элира: «Хьажал, со баганан дечигах дина долчу цІенна чохь Іаш ву, ткъа Делан тІорказ четар бухахь лаьтташ ду». Паччахьо цуьнга хаьттира: «ХІун сингаттам бу хьоьгахь?» ТІаккха зудчо элира: «Со йисина Іаш ю, сан майра велла. Хьан лай йолчу сан ши кІант вара. Аренгахь волчу хенахь цу шиннан дов даьлла хилла. Цу шинна юккъе машар бан стаг а ца хилла, цхьаммо вукхунна тоха а тоьхна, царах цхьаъ вийна. ХІинца сан мел волу гергара стаг хьан ялхо йолчу суна дуьхьалваьлла. Цара соьга боху: „Схьало тхоьга шен ваша вийна волу хьайн кІант. Цо ваша вер бахьана долуш, оха иза вуьйр ву, тІаьхьенах диснарг кхочун дерг а хІаллаквийр ву“. Цара шаьш бохург дахь, сан доьзалан хІу довр ду, сан майрачун хІокху дуьнен чохь цІе а, тІаьхье а юьсур яц». Ткъа Ната-пайхамар а, паччахьан кертахь ха деш болчеран хьаькам волу БенъяхІу а, важа майра турпалхой а, иштта шен ваша Сулим а ца кхайкхинера Адан-ЯхІус. Пайхамарийн тобанна юкъарчу цхьана пайхамаро цу тобанарчу вукхуьнга, Везачу Эло шена тІе-ма-диллара, элира: «Тохахьа суна». Амма оцу стага ца туьйхира цунна. ТІаккха оцу пайхамаро элира: «Ахьа Везачу Эло бохучуьнга ла ца догІарна, хьо, со волчуьра дІавоьдуш, лоьмо цоьстур ву». И стаг дІавоьдуш, цунна дуьхьал кхеттачу лоьмо иза цистира. Цул тІаьхьа оцу пайхамарна кхин а цхьа стаг дуьхьалкхийтира. Цо: «Тохахьа суна» элира цу стаге. ТІаккха вукхо чевнаш хиллал йиттира цунна. Пайхамар, шен бІаьргаш дІахьулбархьама дуьхьал хІума а оьллина, новкъа а ваьлла, некъана уллохь лаьтташ вара, исраилхойн паччахье хьоьжуш. Паччахь шена уллохула чекхволуш, пайхамаро цуьнга, мохь тоьхна, элира: «Хьан лай волу со тІаме ваханера. ТІаккха цхьана стага, юьстах а ваьлла, суна тІе стаг валийра. Цо элира: „ХІара стаг ларвелахь. Иза дийна ца висахь, хьан са цуьнан синан метта дІаоьцур ду. Я ахьа цхьа гали дети дала дезар ду йолана“. Хьан лай волчу аса цхьацца гІуллакхаш дечу хенахь, и стаг дІаведира». «Иштта кхел хир ю-кх хьуна а, ахьа-айхьа тІелаьцна хІума иза долу дела», – элира цуьнга исраилхойн паччахьо. Пайхамаро цу сохьта шен бІаьргашна дуьхьал тІеяийтина хІума дІаяьккхира. ТІаккха хиира паччахьна иза пайхамарех вуйла. Дауд-паччахьан юьхьанца дуьйна тІаьххьалц а хиллачу гІуллакхех лаьцна яздина ду Делера долу хиндерг гуш хиллачу Шамъалан йозанаш тІехь а, Ната-пайхамаран а, Делера дерг гуш волчу Гада-пайхамаран а йозанаш тІехь а.
Выбор основного перевода