Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаула Шамъале элира: «Везачу Элан дашна тІера а, хьан лаамна тІера а ваьлла, аса сайх къа латийна. Со нахах кхеравелира, цундела цара бохург дира аса. Ша халкъ дагардина ваьллачул тІаьхьа, юьхьІаьржачу хІоттарна дог тохаделира Даудан. Везачу Эле цо элира: «И хІума дар бахьана долуш аса сайх доккха къа латийна. Веза Эла, Хьан лай волчу суна гечдар доьху аса Хьоьга. ЧІогІа хьекъале доцу хІума дина аса». Хино дІайоху модаш санна, дІаяхахьа сан харцонаш, сан къинойх цІанвехьа со. Стага шен къинош лечкъош хилча, цуьнан аьтто хир бац, амма, цо уьш тІе а лаьцна, ша нийса лелаш цахилар нахана дІа а хаийтина, уьш дІатасахь, цунах къинхетам бийр бу. Муьлха Дела ву Хьо санна къиношна гечдеш а, Хьан долчу халкъах бисинчеран зуламашна къинтІера волуш а? Хьо даим вац оьгІазвахана вуьсуш, амма Хьуна къинхетам бан хазахета.
Выбор основного перевода