Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан кІант хир ву. Иза машаре хир ву. Массо а гонах болчу мостагІашкахьара синтем лур бу Аса цунна, цундела цуьнан цІе Сулим хир ю. Цо паччахьалла дийр долчу заманчохь Исраил-махкана машар а, синтем а лур бу Аса. Юшай – Даудан да хилла. Дауд Сулим-паччахьан да хилла, цуьнан нана хьалха УръяхІугахь марехь хилла. Цхьа шо даьлча, паччахьаш тІамана арабовлучу хенахь, Йоаба эскар арадаьккхира. Іамминхойн мохк боха а бина, схьа а веана, Рабба-гІалина го бира цо. Ткъа Дауд Ярушалаймехь сецира. Йоаба Рабба-гІала, схьа а яьккхина, йохийра. Дауда церан паччахьан коьртара деших дина, дезачу жовхІарех кхелина долу таж схьаийцира. И таж дешин шина пуьнтах динера. Иза Даудан коьрта тІе диллира. Цо дуккха а хІонс араяьккхира цу гІалара. Рабба-гІалахь мел болу бахархой ара а баьхна, уьш херхашца, аьчка отургашца, дагаршца болх бан дІахІиттийра цо. Дауда массо а Іамминхойн гІаланашкахь цу тайпана белхаш дІаболийра. Цул тІаьхьа Дауд а, дерриг а цуьнан эскар а Ярушалайме юхадирзира.
Выбор основного перевода