Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Яздина ду: „Иза зуламхойх дІатуьйхира“. Ас боху шуьга: иза Соьца хир ду. Дерриг а Сох яздинарг хІинца кхочушхуьлуш ду». Ас гойтур ду цунна, Сан цІе бахьана долуш шен мел баланаш лан деза». Векалш долу тхо, Дала уггаре а лараме йоцучу метте дІахІиттийна аьлла хета суна. Массарна а хьалха хІаллакьхиларна кхел йинарш санна ду тхо. Кху дерриге а дуьненна хьалха тхох кхардам хилла – маликашна а, адамашна а хьалха. Цундела кхечу къаьмнех болчу нехан дуьхьа Дала леррина къобалвинчун тутмакх волчу аса, ПахІала, доІа до. Иштта ас Деле доьху, шун дуьхьа айса баланаш хьоьгуш хиларна, сан дог ца эшор. И баланаш – шун сийлалла ду. Шу сан даг чохь долу дела, шух массарах иштта ойла яр нийса ду. Дала суна делла долчу дикачу гІуллакхехь аша массара а дакъа ма лоцу – со набахтехь волчу хенахь а, аса хаза кхаъ ларбечу а, чІагІбечу а хенахь а. Динан вежарий, шуна дІахаийта лаьа суна, аса хьоьгу халонаш бахьана долуш, хаза кхаъ дІакхайкхорна тІехь кхин а сов аьтто баьлла хилар. Дала леррина Къобалвинчунна со тІаьхьахІоттар бахьана долуш, со набахти чохь хилар паччахьан цІенна ха деш болчу массарна а, дуккха а болчу кхечарна а дІахиънера. ХІинца со набахтехь хилар бахьана долуш, дукхахболчу динан вежарийн Везачу Элаца доьналла хилар чІагІделла. Хьалха хиллачул а йоккхачу майраллица, кхерам а боцуш, Делан дош кхайкхо буьйлабелла уьш.
Выбор основного перевода