Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Пайда боцу туьйранаш а, даьсса хабарш а дІататта. Мелхо а, хьо суьпа хилийта чІогІа къахьега деза. Ва Тимапи! Дала хьайга Іалашдан дІаделларг ларде. Іесачу хабарех а, хазачу кхоаца цхьаьна ца догІучу хІуманех а дІаверза. Цхьаболчара уьш «хьекъал» олий лору, амма иза харцдерг ду. Жуьгтийн къоман туьйранаш а, билггал долчу бакъдолчун тІера дІабирзинчеран хьехамаш а тергал байта ца беза цаьрга. Сонтачу къийсарех а, шайн хьалхалера тайпанаш хьехош къуьйсуш дечу къамелех а, товрат-хьехамех лаьцна дечу девнех а, хабарех а ларлолахь. Уьш пайден а дац, даьсса а ду.
Выбор основного перевода