Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Суна хууш ду со Бехказавоккхург дийна вуйла а, Иза тІаьххьара а лаьтта тІехь дІахІуттур вуйла а. Нагахь оха, Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра денвина бохуш, хьехамаш беш хилча, шух цхьаболчара муха олу веллачуьра денвалар ца хуьлу? Иза хир ду цІеххьана, бІаьрган негІар а тохале, турбано тІаьххьара зурма лекхча. Турбано зурма ма-леккхи, белларш телхар боцучу тайпана ден а бийр бу, ткъа вай хуьйцур а ду. ИбрахІимна дагахь дара, Делан ницкъ бу велларг а денван аьлла – ткъа цо шен кІант веллачуьра санна схьаийцира.
Выбор основного перевода