Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
ТІаккха Іийсас элира: «Цундела хІора Стигалийн Олаллехь мурд хилла схьавеана волу Іелам стаг цхьана хІусамдех тера ву, дІайиллинчуьра схьа а оьцуш, тиша а, цІена а хІуманаш дІалуш волчу». Везачу Эло жоп делира: «Ас дуьйцур ду шуна тешаме а, хьекъале а урхалхо мила ву цІа чохь: иза, хІусамдас вукху ялхошна тІехь куьйгалла дан а хІоттийна, царна шен хеннахь юург луш верг ву. И дерриг а динан вежаршна а хьоьхуш, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дика гІуллакхдархо хир ву хьох. Вайн динан дешнех а, хьо тІаьхьаваьллачу дикачу хьехамах а вузуш, вехар ву хьо. массо а хІуманна тІехь. Царна хьайгара дика масал гойтуш хилалахь. Хьайн хьехамашкахь догцІена а, оьзда а хила. Хьайн хьехам цІена хилийта, тІехтохам бан йиш а ца хуьлуьйтуш, хьайн мостагІа, юьхьІаьржачу а хІоьттина, вайх лаьцна ала цхьа а вон хІума доцуш витархьама. Декъалвина ву зенашна садеттарг, хІунда аьлча иза зийначул тІаьхьа, ял санна, хедар доцучу дахаран таж лур ду цунна Ша везачарна иза лур ду аьллачу Везачу Эло.
Выбор основного перевода