Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Иштта, вай хих чекхдахийтича, вай Цуьнца цхьаьна дІа а доьхкина, дала а делла. Ткъа иза хилира, Шен Ден ницкъаца веллачуьра денвина волу Дала леррина Къобалвинарг санна, вай а керлачу дахарехь Іайтархьама. Иза валаре терра, вай, дала а делла, Цуьнца цхьаьнакхетта хилча, Иза денваларе терра, ден а делла, юха цхьаьнакхетар ду. ХІунда аьлча дийна долуш Іийсан дуьхьа хІора денна а Іожаллин кхерамехь хуьлу тхо, тхайн лийр долчу догІмашкахула Цуьнан дахар гучудаккхархьама. И дош бакъ а ду, муьлххачу а агІор тІелаца хьакъ долуш а ду.
Выбор основного перевода