Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Хьехам бо ас хьуна, сан кІант Тимапи! Хьох лаьцна Делера хиллачу хаамашца а доьзна, иштта весет до ас. Ахьа оцу весеташца, дикачу тІемалочо санна, къовсам латтабойла, Цундела эхь ма хета вайн Везачу Элах лаьцна тоьшалла дан. Цуьнан дуьхьа тутмакх волу со бахьана долуш а эхь ма хета. Мелхо а, ахьа а Дала хьайна луш болчу ницкъаца хаза кхаъ дІакхайкхоран дуьхьа соьца цхьаьна баланаш хьега. Ткъа хьо муьлххачу а хьолахь кхетаме а хила, баланаш ловш а хила. Хаза кхаъ кхайкхорхочо санна къа а хьега, Далла гІуллакх а деш, хьайна тІедиллинарг дерриге а чекх а даккха.
Выбор основного перевода