Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Іийсах тешачийн тобанан гІайгІабийриг цхьанна а стеган ала хІума доцуш цІена хила веза. Цуьнан цхьа зуда бен хила ца еза. Кхетаме а, собаре а, оьзда а, безамца хьеший тІеоьцуш а, динах лаьцна хьеха хууш а хила веза иза. Малар тІехдоккхуш, девнаш дохуш хила ца веза. Амма эсала а, машаре а, ахчанна сутара воцуш а хила веза иза. Делан болх шен карахь берг санна, шен леларехь ала вон хІума доцуш хила веза динан тобанан гІайгІабийриг. Ша лакхара а ца хеташ, оьгІазе а, сиха а воцуш, маларна тІера а воцуш, леташ а, девне а воцуш, ахчанца шена пайда а ца лоьхуш, хила веза иза. И товрат-хьехамаш Делан лаамехь волчунна бина бац. Уьш зуламхошна, Іедална муьтІахь боцучарна, Іесачарна, къинош летийначарна, дин доцучарна, Далла гергахь бехбеллачарна, сийсазчарна, шайн да а, нана а, кхидолу адамаш а дойучарна бина бу.
Выбор основного перевода