Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Далла а, Цо леррина къобалвинчу Іийсана а, хаьржинчу маликашна а хьалха, дуй а бууш, доьху ас хьоьга: хІара хьехамаш ларбе, цхьаьнгге озабезам а ца беш, цхьаъ вукхарал лакхара а ца хеташ. Ишттачарна даг чу куралла йоьссина. Царна хІумма а ца хаьа. Къовсабаларан а, дашах лаьцна къийсаме къамелаш даран а цамгар кхетта бу уьш. Ишттачух долало хьагІ хилар, девнаш дахар, вовшашна лер, мекара шеконаш хилар. Дала леррина къобалвина волу Іийса паччахьалла дан кху дуьнен чу схьавеача, дийна болчарна а, беллачарна а кхел йийр ю Цо. И иштта долу дела, Цунна а, Далла а хьалха, чІагІо а еш, ас хІара весет до хьоьга: Сонтачу къийсарех а, шайн хьалхалера тайпанаш хьехош къуьйсуш дечу къамелех а, товрат-хьехамех лаьцна дечу девнех а, хабарех а ларлолахь. Уьш пайден а дац, даьсса а ду. Цкъа а, шозза а айхьа хьехамаш бина болу нах бекъаболуьйтург Іадвита,
Выбор основного перевода