Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
ТІаккха цо Кхорахье а, цуьнца болчу массаьрга а элира: «Везачу Эло кхана гойтур ду, Шен верг мила ву а, вазвинарг мила ву а, иза Шена тІеозорхьама. Цо Ша схьахаьржжинарг Шена тІеозор ву. Халкъе Мусас элира: «ХІокху зуламечу нехан четаршна юххера дІа а довла, церан долахь йолчу цхьана а хІуманах хьакха а ма ло, шаьш а церан дерриге а къинош бахьана долуш ца далийтархьама». Тхан Веза Дела! Хьо воцург, кхин олахой а хилла тхуна тІехь куьйгалла деш, амма Хьан цІерана бен оха хастам ца бо. Веза Эла ма дика ву. Бохам тІебеача, Иза дІалочкъийла ву. Шех бІобулучарна Іуналла до Цо. Аса боху хьоьга: хьо, тІулг санна волу, Кипа ву. Цу тІулга тІехь Аса Сайх тешначийн тоба кхуллур ю. Жоьжахатин цІеран а иза йохо ницкъ хир бац.
Выбор основного перевода