Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Шаулан кІентан ЯхІунатин астагІа а волуш кІант хилла. Иза пхи шо долуш хилла, ИзраІалара Шаулаххий, ЯхІунатаххий лаьцна ирча кхаъ беанчу хенахь. Церан бераш лелош йолу зуда, катоьхна кІант схьа а эцна, иза кІелхьарваккхархьама едда йоьдуш хилла. Иза едда йоьдучу хенахь, кІант цуьнан карара охьавоьжна. ХІетахь дуьйна схьа иза астагІваьлла лелаш хилла. Цу кІентан цІе Мапи-Бошат яра. Шаулан кІентан ЯхІунатин кІант волчу Мапи-Бошата, Дауд волчу схьа а веана, цунна хьалха лаьтта кхаччалц шен корта охьатаІийра. Дауда цуьнга элира: «Мапи-Бошат!» Вукхо элира: «Кхузахь ву хьан лай». Мапи-Бошатан жима кІант хилла, Мика цІе а йолуш. Цубин цІахь Іаш мел верг Мапи-Бошатан лай хилла.
Выбор основного перевода