Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Ярушалаймехь баха охьахевшина болчу динан дайн цІераш яра хІорш: ЯхІу-Ярбин кІант ЯдаІ-ЯхІу, Якин, Хьалкхи-ЯхІун кІант Сари-ЯхІу (Хьалкхи-ЯхІу Машулиман кІант хилла, Машулим ЦІадукъин кІант хилла, ЦІадукъа Маръютин кІант хилла, ткъа Маръюти Делан цІенна тІехь хьаькам волчу Ахьтубин кІант хилла); иштта церан цІийнан нах болу Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш волу бархІ бІе ткъе ши стаг а; Ярохьаман кІант Іади-ЯхІу а (Ярохьам Амцин кІант волчу Палал-ЯхІун кІант хилла, Амци Закри-ЯхІун кІант хилла, Закри-ЯхІу Пашихьуран кІант хилла, Пашихьур Малки-ЯхІун кІант хилла); кхин а ши бІе шовзткъе шиъ стаг, Малки-ЯхІун цІийнах волу (и нах шайн доьзалийн баьччанаш хилла); Іазариалан кІант Іамшаси (Іазариал Ахьзайн кІант хилла, Ахьзай Амиран кІант волчу Машли-МутІин кІант хилла); кхин а цхьа бІе ткъе бархІ Амиран цІийнах волу стаг а хилла. Уьш чІогІа доьналла долуш болу нах бара. Царна тІехь хьаькам Гадуламан кІант Забдиал хилла.
Выбор основного перевода