Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
ТІаккха ЦІадукъин тІаьхьенах волчу коьртачу динан дас Іазар-ЯхІус жоп делира: «Везачу Элан цІа долчу тхайн долахь долчух уьтталгІа дакъа дан долийчхьана, оха дуззалц хІума а йоу, кхин дуккха а хІума а юьсу тхан. Ткъа Везачу Эло Шен халкъ декъалдина дела, оццул дукха хІума а дисина». Хьузакх-ЯхІус, Везачу Элан цІийнан кертахь кхин а тІаьхьалонна сурсаташ чудохку чоьнаш кечъе аьлла, омра дира. Уьш кечйича, совгІаташ а, уьтталгІа дакъош а, Далла дІакъастийна сагІанаш а леррина царна чу охьадехкира. Оцу хІуманна тІехьожуш хьаькам хІоттийра левихо волу Ханан-ЯхІу. Ткъа Ханан-ЯхІун ваша ШамаІи цунна гІо деш шолгІаниг хІоттийра. Хьузакх-ЯхІу-паччахьо а, Делан цІенна тІехь хьаькам волчу Іазар-ЯхІус а тІедилларца Ханан-ЯхІун а, ШамаІин а куьйга кІел оцу хІуманийн дола дан дІахІоттийра Яхьиал, Азаз-ЯхІу, Нахьати, ІасахІал, Еримати, Юзабди, Элиал, Исмах-ЯхІу, Махьат, БенъяхІу. Кипас а, Яхьъяс а нахаца къамел дечу хенахь царна тІе динан дай а, Делан цІийнан гІаролхойн хьаькам а, динан тобанан садукъой цІе йолу нах а баьхкира.
Выбор основного перевода