Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
(Хьалха, Исраилан махкахь, нагахь санна цхьаъ Делера хаам хиларе сатуьйсуш велахь, олуш хилла: «Вало, Делера дерг гуш верг волчу гІо вай», – хІунда аьлча цу хенахь пайхамарех «хиндерг гуш болу нах» олура.) Кевнашкахь гІарол дан дІахІиттийнарш хІорш бара: кхорахьахойх – Кхурин кІант Мишлам-ЯхІу. Иза Асайпан тІаьхьенах вара. Мишлам-ЯхІун кІентий хІорш бара: дуьххьарлера доьзалхо Закри-ЯхІу, шолгІаниг – ЕдиІаал, кхоалгІаниг – Забди-ЯхІу, воьалгІаниг – Ятниал, Иштта дара Кхорахьан а, Мерарин а тІаьхьенан Везачу Элан цІийнан кевнехь ха дан дІахІоттор. Кхурин куьйга кІел бара Іедан, Мин-Яман, ЮшаІ, ШамІа-ЯхІу, Амар-ЯхІу, Шахан-ЯхІу. Динан дайн гІаланашкахь тешаме хиларца гІо дира цара Кхурина, шайн вежаршна, жимачунна а, воккхачунна санна, шайн тобанашка хьаьжжина, доггІург дІа а доькъуш. Иштта дІадоькъура и хІума цу тептар тІе дІаяздинчу, берриге а гуламна чудогІуш долчу берашна а, зударшна а, кІенташна а, йоІаршна а. ХІунда аьлча цара, цІан а белла, тешаме хиларца шаьш Далла дІакъастийнера, Цунна леррина гІуллакх дархьама.
Выбор основного перевода