Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
ХІара цІераш Ярушалаймехь баха хиъна болчу левихойн ю: Хьашубин кІант ШамІа-ЯхІу (Хьашуби Іазрикхаман кІант хилла, ткъа Іазрикхам Бунин кІентан Хьашби-ЯхІун кІант хилла); левихойн баьччанаш болу Шабитай а, Юзабди а Делан цІийнан арахьара беш болчу балхана тІехІиттийна хилла; Микин кІант Матан-ЯхІу (Мика Завадин кІант хилла, ткъа Завади Асайпан кІант хилла). Баркаллин доІа дечу нахана тІехь хьалхара верг хилла Матан-ЯхІу; Бакхбукъ-ЯхІу (иза илланчийн шолгІачу тобанна тІехь хьаькам хилла); ШамуІан кІант Іабда (ШамуІ Ядутунан кІентан Галалин кІант хилла); Езачу Ярушалайм-гІалахь волу массо а левихо ши бІе везткъе виъ стаг хилла. ХІорш Ярушалаймехь баха хевшина болчу кевнашкарчу гІаролхойн цІераш ю: Іакхуби а, ТІулман а, иштта цхьа бІе кхузткъе шийтта церан цІийнах волу стаг а. Уьш гІалин кевнаш лардеш бара.
Выбор основного перевода