Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Амма, шайн дайн Далла тешаме а ца хуьлуш, Дала шайна уллора оцу махкана чуьра дІалелхийна долчу къаьмнийн деланашна тІаьхьа а хІиттина, оцу къаьмнех терра сийсаза лелара уьш. ТІаккха Исраилан Дала, ашурхойн паччахьан ПІулин (иза ТигІлат-Палиасар ву) са карзах а даьккхина, раабанхой а, гадахой а, Маннашан ахтайпанан тІаьхье а йийсаре дІайигийтира. Уьш Хьалахь-гІала а, Хьабур а, ХІари а цІераш йолчу меттигашка а, Газун-гІалин хин йисте а дІабигира. Таханлерчу денна тІекхаччалц уьш цигахь бехаш бу.
Выбор основного перевода