Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Делан тІорказ дІахІоттийначу хенахь дуьйна, Везачу Элан цІийнан кертахь Дауда илланчашна тІехь хьаькамаш хІиттийнера. Дауда а, эскаран хьаькамаша а, дечиг-пондаршца а, мерз-пондаршца а, цІастанан негІаршца а мукъамаш а балош, Делера болу хаамаш кхайкхоран гІуллакхна схьакъастийра Асайпан а, ХІайманан а, Ядутунан а тІаьхьенах берш. Шайн-шайн гІуллакхе хьаьжжина, иштта болх бан дІакъастийначу нехан цІераш хІорш ю: Делан цІийне хьалаволучу новкъахь олу Даудан назма. Дуьло, Везачу Элана хастамаш бейша, Везачу Элан массо а ялхой, буьйсанна Везачу Элан цІийнан кертахь Цунна гІуллакхаш деш болу.
Выбор основного перевода