Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
«АхІарона а, цуьнан кІенташа а иза даьттанца къобалвечу дийнахь Везачу Элана лерина даккха дезаш долу сагІа иштта хила деза: бархІ кад тоьлла кІен дама дан деза цара гуттар а доккхучу кІен сагІина лерина, царах ах – Іуьйранна, важа ах – суьйранна. Зайтдаьттанца эдина дама кхийрачу пхьегІи тІехь кечдан деза. ТІаккха, кеч а дина, дуззалц зайтдаьттанца э а дина, кІен сагІа санна, иза Везачу Элана даккха деза. Цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. Левихоша тергам бора Везачу Элан ЦІа чохь дІахІотточу, Далла лерина долчу баьпкан а, цара дола дора ялтин сагІанашна лерина долчу деман а, иштта совсаза болчу бедах динчу хьокхамийн а, доттучу баьпкан а, бод кечбаран а тергам бора цара. Цара массо а хІуманан барам лелабора.
Выбор основного перевода