Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
ЯхІу-ЯдаІа, омра а деш, элира цаьрга: «Аша хІара кхочушде: шоьтан дийнахь шух схьадогІуш долчу кхоалгІачу декъо паччахьан цІенна ха де. Ткъа шоьтан дийнахь мукъадовлучу шух массарах а долчу шина декъо Везачу Элан цІахь волчу паччахьна ха де. Іабди-ЯхІу (иза ШамІа-ЯхІун кІант вара, ШамІа-ЯхІу вара Галалин кІант, Галали вара Ядутунан кІант), иштта Элкханан кІентан Асин кІант Берех-ЯхІу а вара. Иза натІупатхойн ярташкахь вехаш хилла. Динан дас ЯхІу-ЯдаІа де аьлларг дерриг а кхочушдира левихоша а, берриге а яхІудхоша а. Цара хІораммо а шоьтан дийнахь схьабогІу а, мукъабовлу а гІаролхой шаьш долчу схьагулбира, хІунда аьлча динан дас ЯхІу-ЯдаІа хийцабелла гІаролхой дІа ца бахийтира.
Выбор основного перевода