Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
ХІорш бу Ярушалаймехь баха хевшина болу мехкан куьйгалхой. (Дукхахболу исраилхой а, динан дай а, левихой а, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш берш а, Сулим-паччахьан ялхойн тІаьхьенах берш а ЯхІуд-махкарчу кхечу ярташкахь Іаш бара. Уьш ярташкахь кхожаца шайна кхаьчначу латтанаш тІехь Іаш бара. Амма цхьаболу ЯхІудан а, Бен-Яманан а тайпанех болу нах Ярушалаймехь бехаш бара.) ЯхІудан тайпанах болчеран цІераш иштта яра: Іузи-ЯхІун кІант Іати-ЯхІу (Іузи-ЯхІу Закри-ЯхІун кІант хилла, Закри-ЯхІу Амар-ЯхІун кІант хилла, Амар-ЯхІу Шапат-ЯхІун кІант хилла, ткъа Шапат-ЯхІу Парасан тІаьхьенах волчу Махьаллалан кІант хилла), Барухан кІант МаІсей-ЯхІу (Барух Кала-Хьозин кІант хилла, Кала-Хьоза Хьази-ЯхІун кІант хилла, Хьази-ЯхІу Іади-ЯхІун кІант хилла, ткъа Іади-ЯхІу Закри-ЯхІун кІант волчу ЯхІу-Ярбин кІант хилла. Закри-ЯхІу Шейлин тІаьхьенах хилла). Ярушалаймехь бехаш болу Парасан тІаьхьенах болу нах виъ бІе кхузткъе бархІ стаг хилла. Уьш берриш а чІогІа доьналла долуш нах хилла. Бен-Яманан тІаьхьенах берш: Машулиман кІант Салуъ (Машулим ЮІадан кІант хилла, ЮІад Пади-ЯхІун кІант хилла, Пади-ЯхІу Къули-ЯхІун кІант хилла, Къули-ЯхІу МаІсей-ЯхІун кІант хилла, МаІсей-ЯхІу Итиалан кІант хилла, ткъа Итиал ЯшаІ-ЯхІун кІант хилла), цунна тІаьхьа вогІуш Габий, Салий шиъ хилла. Уьш Салуан гергара нах хилла. Уьш массо а исс бІе ткъе бархІ стаг хилла. Зикрин кІант Юал царна тІехь хьаькам вара, ткъа ХІасинуан кІант ЯхІуд цу гІалахь шолгІа волу хьаькам вара. Ярушалаймехь баха охьахевшина болчу динан дайн цІераш яра хІорш: ЯхІу-Ярбин кІант ЯдаІ-ЯхІу, Якин, Хьалкхи-ЯхІун кІант Сари-ЯхІу (Хьалкхи-ЯхІу Машулиман кІант хилла, Машулим ЦІадукъин кІант хилла, ЦІадукъа Маръютин кІант хилла, ткъа Маръюти Делан цІенна тІехь хьаькам волчу Ахьтубин кІант хилла); иштта церан цІийнан нах болу Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш волу бархІ бІе ткъе ши стаг а; Ярохьаман кІант Іади-ЯхІу а (Ярохьам Амцин кІант волчу Палал-ЯхІун кІант хилла, Амци Закри-ЯхІун кІант хилла, Закри-ЯхІу Пашихьуран кІант хилла, Пашихьур Малки-ЯхІун кІант хилла); кхин а ши бІе шовзткъе шиъ стаг, Малки-ЯхІун цІийнах волу (и нах шайн доьзалийн баьччанаш хилла); Іазариалан кІант Іамшаси (Іазариал Ахьзайн кІант хилла, Ахьзай Амиран кІант волчу Машли-МутІин кІант хилла); кхин а цхьа бІе ткъе бархІ Амиран цІийнах волу стаг а хилла. Уьш чІогІа доьналла долуш болу нах бара. Царна тІехь хьаькам Гадуламан кІант Забдиал хилла. ХІара цІераш Ярушалаймехь баха хиъна болчу левихойн ю: Хьашубин кІант ШамІа-ЯхІу (Хьашуби Іазрикхаман кІант хилла, ткъа Іазрикхам Бунин кІентан Хьашби-ЯхІун кІант хилла); левихойн баьччанаш болу Шабитай а, Юзабди а Делан цІийнан арахьара беш болчу балхана тІехІиттийна хилла; Микин кІант Матан-ЯхІу (Мика Завадин кІант хилла, ткъа Завади Асайпан кІант хилла). Баркаллин доІа дечу нахана тІехь хьалхара верг хилла Матан-ЯхІу; Бакхбукъ-ЯхІу (иза илланчийн шолгІачу тобанна тІехь хьаькам хилла); ШамуІан кІант Іабда (ШамуІ Ядутунан кІентан Галалин кІант хилла); Езачу Ярушалайм-гІалахь волу массо а левихо ши бІе везткъе виъ стаг хилла. ХІорш Ярушалаймехь баха хевшина болчу кевнашкарчу гІаролхойн цІераш ю: Іакхуби а, ТІулман а, иштта цхьа бІе кхузткъе шийтта церан цІийнах волу стаг а. Уьш гІалин кевнаш лардеш бара. Кхиболу исраилхой а, динан дай а, левихой а бара ЯхІуд-махкарчу гІаланашкахь бехаш. Уьш шайн доьзалийн латтанаш тІехь бехаш бара. Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш берш Ярушалайман цхьа дакъа долчу Іупалахь бехаш хилла. Царна тІехь хьаькамалла лелош Цихьа а, ГІишпа а хилла. Ярушалаймехь левихошна тІехь куьйгалла деш Іузи хилла (Іузи Банин кІант хилла, Бани Хьашби-ЯхІун кІант хилла, ткъа Хьашби-ЯхІу Микин кІант волчу Матан-ЯхІун кІант хилла). Иза Асайпан тІаьхьенах хилла, ткъа уьш Делан цІа долчохь назманаш олуш берш хилла. Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болчу ялхойн тІаьхьенах берш: Цихьин а, Хьашупин а, ТабуІатин а, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болчу ялхойн а, Сулим-паччахьан ялхойн а тІаьхьенах берш а верриг а кхо бІе везткъе шийтта (392) стаг вара. Иштта динан дай а, левихой а, кхиболу нах а шайн-шайн гІаланашкахь баха охьахевшира. Царна юкъахь бара илланчаш а, Делан цІийнан кевнера гІаролхой а, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болу ялхой а. Ткъа Исраилан важа долу халкъ шайн-шайн гІаланашкахь даха охьахиира. Цара иштта ши бІе ткъа Делан цІийнан кертахь гІуллакх дийриг а ваийтира. Церан дай Дауда а, цуьнан тІеман хьаькамаша а левихошна гІо дан хаьржина хилла. Церан цІераш массеран а цІерашна юкъахь дІаязйина хилла.
Выбор основного перевода