Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Шена и дерриг а гича, динан ден АхІаронан кІентан ЭлиІазаран кІанта Пайнехьаса, гулам а битина, шен гоьмукъ схьаийцира. Оцу исраилхочунна тІаьххье четар чу а ваьлла, цунах а, цуьнца йолчу зудчух а шен гоьмукъ чекх а баьккхина, и шиъ дийра Пайнехьаса. Цо и дешшехь, исраилхой хІаллак а беш, царна юкъахь даьржина долу ун сецира. Цу даьржинчу уьнах велларг ткъе виъ эзар стаг вара. Везачу Эло Мусага элира: «Динан ден АхІаронан кІентан ЭлиІазаран кІанта Пайнехьаса, исраилхошна юкъахь церан харцделанашка йолу Сан эмгаралла кхиамца гучу а йоккхуш, Исраилан халкъе йолу Сан дералла дІаерзийра. И бахьана долуш Аса и халкъ хІаллак ца дира, Сайн эмгаралла хиллехь а. Цундела ахьа Пайнехьасе дІахаийта, Аса бертан весет цуьнга до алий. Цуьнга а, цуьнан ерриге тІаьхьене а весет до Аса, уьш массо а заманахь динан дай хир бу аьлла, хІунда аьлча шен Делан дуьхьа иза кхиамца лелара, исраилхойн къинош дІа а дохуьйтуш». Амма Пайнехьас, дІа а хІоьттина, юкъарло йира, тІаккха и ун дІасадаьржачуьра сецира.
Выбор основного перевода