Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Дауда шен зудчун Бат-ШабаІан дог ийцира. И йолчу а вахана, Дауд цуьнца дІавижира. Бат-ШабаІа юха а кІант вира Даудана. Цунна Сулим цІе тиллира. Иза Везачу Элана дукхавезавелира, цундела Цо Ната-пайхамар вахийтира цига. Везачу Эло ма-бохху, цо берана, Ядид-ЯхІу аьлла, цІе тиллира (иза «Везачу Элан хьомениг» бохург ду). ЯхІуд-махкахь а, Исраил-махкахь а, хІордан йистера гІум санна, алсамдаьлла дебнера халкъ. И адамаш юуш, молуш, самукъадолуш дара. Иштта, ЯхІуд-мехкан а, Исраил-мехкан а адамаш Дан-гІалара дуьйна Беар-ШабаІ-гІала кхаччалц хІора а шайн-шайн кемсийн а, инжир-диттийн а ІиндагІашкахь тийна-маьрша Іаш бара, Сулим-паччахь дийна мел ву. Ткъа хІинца сан Везачу Дала синтем белла суна массо а агІор. ХІинца бац я мостагІий, я кхин дуьхьало ян а хІумма дац. Цо элира: «Шун Веза Дела шуьца вац ткъа? Цо шуна массо а агІор синтем ца белира ткъа? ХІунда аьлча Цо беллера сан кара мехкан бахархой, ткъа и мохк Везачу Элана а, Цуьнан халкъана а муьтІахь хилира.
Выбор основного перевода