Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Даккхий деза тІулгаш доуьйтура Сулим-паччахьо, тІаккха уьш тІулган говзанчашка нисдойтура, Везачу Элан цІе язъян лерина долчу цІийнан бух боттийтархьама. И дитташ а, тІулгаш а хьакха а хьокхуш, кечдеш бара Сулим-паччахьан а, Хьирам-паччахьан а белхалой а, Гебал-гІалара пхьераш а. Кхаа шарахь кечдира цара уьш, Делан цІа дІахІотторхьама. Исраилан халкъ доцург кхин адамаш а дара цигахь. Уьш дара эмархойн а, хьетахойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а тІаьхьенех дисна адамаш, исраилхоша хІаллак ца деш дитина долу. Царах Сулим-паччахьо белхаш беш болу леш бинера. Уьш хІинца а тахханалц леш бу. Шен дас Дауда доьзалийн цІераш дІаязъечу тептар тІе тІаьхьа Исраилан махка цу хенахь тІебаьхкина хилла болу берриг а нах дІаязбайтира Сулима. Уьш цхьа бІе шовзткъе кхойтта эзар ялх бІе стаг вара.
Выбор основного перевода