Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Якъуб кхеравелира. «Ма сийлахь меттиг ю хІара! – элира цо, – ХІара Делан цІа ду, стигалан ков ду». Везачу Элан малико Гаде элира, Дауде дІаалийтархьама: «Ваха а гІой, Везачу Элана сагІа доккхуш йолу меттиг кечъе явсайхо волчу Аравнин хьаьттарехь». Везачу Эло Гадехула шега аьлларг Дауда кхочушдира. Ша кІа оруш волчу хенахь, Аравнина юхахьаьжча, малик гира. Цуьнан виъ кІант цу маликах дІахьулвелира. Юха Дауд и волчу веара. ДІахьаьжча, Дауд а гина, хьаьттара схьа а ваьлла, Аравна цунна хьалха лаьтта кхаччалц суждана вахара. Дауда Аравнига элира: «Суна хьайн хьаьтт лохьа, Везачу Элана сагІа доккхуш йолу меттиг кхузахь соьга кечъяйтархьама, халкъана тІедаийтина ун сацадайтархьама. Цуьнан билггал шен болчу мехах йохкахьа иза суна». Аравнис Дауде жоп делира: «ДІаэца хьайна хьаьтт, сан олахо волчу паччахьо шена луъург дойла цунах. Аса хІара стерчий а дІало дийнаташ дагоран сагІина, мекха а дІало ас дечиган метта, кІа а дІало кІен сагІина. И дерриг а аса маьхза дІало хьуна». Ткъа Дауд-паччахьо Аравнига элира: «ХІан-хІа, и хьаьтт, шен билггал болчу мехах эца лаьа суна хьоьгара. ХІунда аьлча хьан долахь йолу хІума Везачу Элана сайгара сагІина лур яц аса. Маьхза еллачу хІуманах дагоран сагІа а доккхур дац аса». Дауда ялх бІе шекхал деши делира Аравнина цу меттигах. Цигахь Дауда Везачу Элана лерина долу сагІа доккху меттиг кечйира. Цо цигахь дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш а дехира. ТІаккха Везачу Эле кхайкхира иза. Везачу Эло цуьнан доІанна жоп делира, дийнаташ дагоран сагІа доккхучу меттигна тІе стигалара цІе а йоссош. ТІаккха Везачу Эло малике, шен тур батта дилла элира. Цу хенахь явсайхочун Аравнин хьаьттахь волчу Дауда, ша Везачу Элана дІахезна хилар а гина, циггахь сагІанаш дехира. Ткъа яьссачу аренгахь Мусас дина долу Везачу Элан четар а, дийнаташ дагоран сагІа доккху кхерч а цу хенахь ГавІон-ломан сагІа доккхучу гу тІехь лаьтташ бара. Ярушалаймерчу Мори-лам тІехь Везачу Элан цІа дан долийра Сулима. Оцу лома тІехь Веза Эла Сулиман дена Даудана дуьхьалхІоьттинера. Иза хиллера явсайхо волчу Орнан хьаьттахь. Дауд-паччахьо кечйинера и меттиг.
Выбор основного перевода