Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Доьху Хьоьга, лохьа Хьайн лай волчу суна хьекъалалла, Хьан халкъана юкъахь нийсаниг лело а, кхелахо хила а. Іамавехьа со дика а, вон а къасто. И хьекъал ца хилча, хІокху Хьан оццул дукха долчу халкъана тІехь урхалла хьаьнга далур ду?» Сулим-паччахьо дехначунна резахилира Веза Эла. Дала элира цуьнга: «Ахьа хьайн дуьненахь йоккху хан яхъяр а ца доьхуш, хьайна хьал хилийтар а ца доьхуш, хьайн мостагІийн синош хІаллакдар а ца доьхуш, хьайна хьекъал-кхетам балар дехарна, кхел ечу хенахь нийса сацам бархьама, лур ду Ас хьуна ахьа доьххург. Ас лур ду хьуна хьекъаллий, кхетаммий, кхин хьо саннарг хьол хьалха цкъа а ца хиллачу тайпана а, кхин хІинца чул тІаьхьа хьо саннарг хир а воцучу тайпана а. Сулиман назма. Ва Дела! Паччахьна Ахьа йийриг санна кхел ян Іамадехьа, ткъа паччахьалла дечунна Хьайн нийсо лохьа.
Выбор основного перевода