Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
И ерриг хІума а Сулим-паччахьо шен-шен метте дІахІоттаяйтира. И хІуманаш тІех дукха хиларна, уьш еш дайчина цІастанан барам буста а ца лора. Аса, къа а хьоьгуш, Везачу Элан цІенна ши бІе эзар пунт деши а, ши миллион пунт дети а кечдина, ткъа барам боцуш дукха цІаста а, эчиг а кечдина. Иштта дечиг а, тІулг а кечбина аса, ткъа ахьа тІеоьшург кечъе. Сайн боллучу ницкъаца кечдира аса сайн Делан цІенна дашо хІуманаш яйта деши а, дато хІуманаш ян дети а, цІестан хІуманаш ян цІаста а, эчиган хІуманаш ян эчиг а, дечиган хІуманаш ян дечиг а, оникс олуш долу деза тІулгаш а, юкъадохку деза тІулгаш а, бес-бесара хаза тІулгаш а, массо тайпа деза тІулгаш а, алссам шагатІулг а. Цара а делира Делан цІа дІахІотторна итт эзар пунт дашо ахча а, итт эзар дарик олу дашо ахча а, ткъа эзар пунт дети а, иштта цІестан ахча а – ткъе ялхитта эзар пунт, ши бІе эзар пунт эчиг а.
Выбор основного перевода