Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Ткъа Шен цІе йоккхуьйтур йолчу а, шайн Везачу Дала шайн массо а тайпанийн меттигашна юкъахь схьакъастор йолчу а меттигна шу тІе а дерза, цига а дуьйла. ТІаккха схьадалаш шайн Везачу Далла Ша Іайтархьама схьахаржор йолчу меттиге ас шайна весет дина долу дерриге а: дийнаташ дагоран шайн сагІанаш а, шайн кхидолу сагІанаш а, шайна йолучу санан уьтталгІа дакъош а, шайн совгІаташ а, иштта шайн Везачу Далла, ваІда а деш, шаьш йинчу чІагІонца къастийна мел дерг а. ТІаккха паччахьо Ната-пайхамаре элира: «Хьажал, со баганан дечигах дина долчу цІенна чохь Іаш ву, ткъа Делан тІорказ четар бухахь лаьтташ ду». Сан дена Даудана чІогІа лиира Исраилан халкъан Везачу Делан цІе язъян лерина долу цІа дІахІотто. Шен цІеношкахь ша вехаш Іачу хенахь, Дауда Ната-пайхамаре элира: «Гой хьуна, со баганан дечигах динчу паччахьан цІа чохь Іаш ву, ткъа Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ четар бухахь лаьтташ ду». Натас Дауде элира: «Хьайна дан дагадеанарг дерриг а кхочушде, хІунда аьлча Дела хьоьца ву». Делан цІийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Дагаваийтахьа, Веза Эла, Дауд а, цуьнан холчу хІиттар а, цо Везачу Элана чІагІо яр а, Якъубан Нуьцкъалчунна ваІда дар а: «Сайн цІийнан тхевнна кІел гІур вац со, со Іуьллучу метта хьалавер вац со, сайн бІаьргашка наб йойтур яц ас, сайн бІаьргийн негІарш а тІеттІа дохуьйтур дац, Везачу Элана меттиг суна караяллалц, Якъубан Нуьцкъалчунна хІусам хиллалц».
Выбор основного перевода