Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Цо Суна лерина цІа дийр ду, ткъа Аса иза даим шен паччахьан даржехь чІагІвийр ву. Со цуьнан да хир ву, иза Сан кІант хир ву. Нагахь санна цо къа латадахь, Аса цунна таІзар дийр ду. Нехан шедаца а, адамаша еттарца а таІзар дийр ду Ас цунна. Цо Суна лерина цІа дийр ду, ткъа Аса иза а, цунах схьабевлларш а абаденналц шайн паччахьан даржехь чІагІбийр бу. Со цуьнан да хир ву, иза Сан кІант хир ву. Амма Сайн цуьнга болу безам Аса дІабоккхур бац, хьол хьалха хиллачуьнга Сайн хилла безам Аса дІабаьккхинехь а. Везачу Эло аьлла соьга: „Дауд, хьан кІанта Сулима дІахІоттор ду Суна лерина долу цІа а, цунна гонахара керт а. ХІунда аьлча Аса, Сайн кІант ву аьлла, Сулим хаьржина, ткъа Со цуьнан Да хир ву. ХІунда аьлча Маликех хьаьнга аьлла Дала: «Хьо Сан КІант ву, тахана Хьан Да хили Сох»? Кхин а: «Со Цуьнан Да хир ву, Иза Сан КІант а хир ву?»
Выбор основного перевода