Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
ТІаккха гулбеллачу массаьрга а Дауд-паччахьо элира: «Дала шуна юкъара хаьржина сан кІант Сулим. Иза къона а, гІорасиза а ву, ткъа хІара гІуллакх сийлахь-деза ду. ХІунда аьлча хІара гІишло адамашна еш яц, иза вайн Везачу Далла еш ю. Сайн боллучу ницкъаца кечдира аса сайн Делан цІенна дашо хІуманаш яйта деши а, дато хІуманаш ян дети а, цІестан хІуманаш ян цІаста а, эчиган хІуманаш ян эчиг а, дечиган хІуманаш ян дечиг а, оникс олуш долу деза тІулгаш а, юкъадохку деза тІулгаш а, бес-бесара хаза тІулгаш а, массо тайпа деза тІулгаш а, алссам шагатІулг а. Сайн долахь йолу кхин а цхьа хазна а ю сан, шена чохь деши а, дети а долуш. Иза а Делан цІийне болчу сайн безамна Делан цІенна дІало аса, айса оцу дезачу цІенна кечдина долчул а сов. Апар-махкара деана долу ши эзар пунт цІена деши а, ейтта эзар пунт цІена дети а делла аса Делан цІийнан чуьра пенашна тІе диллийта. Оцу деших а, детих а дакъа делла ас говза куьйгаш долчу адамашка массо а тайпана дашо а, дато а хІуманаш яйта. Кхин цхьанна а лаьий те тахана Везачу Элана сагІа дан?» ТІаккха доьзалийн тхьамданаша а, Исраилан халкъан тайпанийн баьччанаша а, тІеман коьртачу хьаькамаша а, тІеман хьаькамаша а, паччахьна белхаш беш болчийн хьаькамаша а шайн даггара сагІа деара.
Выбор основного перевода