Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
ЧІагІлолаш, доьналла долуш хилалаш, царах кхера а ма лолаш, Іада а ма делаш, хІунда аьлча шун Веза Эла Ша хьалхавер ву шуна. Иза шух дІавоьрзур а вац, Цо шу дІатосур а дац». ЧІогІа а, къонахалла йолуш а хила. ХІокху халкъе Ас церан дайшна лур ду аьлла латта дола доккхуьйтур ду ахь. ЧІогІа а, йоккха къонахалла йолуш а хила, Сан ялхочо Мусас кхочушбе аьлла болу берриг а товрат-хьехам леррина Іалаш а бе, кхочуш а бе. Цунна тІера аьтту а, аьрру а агІор ма верза, тІаккха айхьа дечу муьлххачу а гІуллакха тІехь ларош хир ву хьо. Деша хІара хьехаман тептар массо а хенахь. Дийнахь а, буса а Іамаде иза, кху тІехь яздинарг нийсса кхочушдархьама. ТІаккха айхьа дечу гІуллакх тІехь чІогІа аьтто хуьлуш а, чІогІа беркат долуш а хир ву хьо. Ас тІедуьллу хьуна: чІогІа а, къонахалла йолуш а хила, кхера а ма кхера, воха а ма воха. Хьо миччанхьа вахча а, хьоьца хьан Веза Дела ву». Нагахь Сулима хІинццалц санна, кхидІа а Сан дерриге а весеташ а, Сан хьехамаш а леррина кхочушбахь, Аса цуьнан паччахьалла чІагІдийр ду абаденналц“. Иштта, шен кІанте Сулиме Дауд-паччахьо кхин а элира: «Нуьцкъала а, доьналла долуш а хилий, дІадоладе и гІуллакх. Хьо кхера а ма ло, цец а ма вала, хІунда аьлча сан Веза Дела хьоьца ву. Иза юхавер вац хьох, Цо вуьтур вац хьо, Везачу Элан цІа дІахІоттош ахь дан деза гІуллакхаш дерриге дина чекхдовллалц.
Выбор основного перевода