Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
«Хьуна хууш ду, шен Везачу Делан цІе язъян лерина долу цІа дІахІоттадойла ца хилира сан ден Даудан. ХІунда аьлча цуьнан тІом бан дийзира гобаьккхина долчу халкъашца, Везачу Эло, толам а баккхийтина, мостагІий когаш кІел охьабахккалц. ТІаккха динан дайша Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ, схьа а эцна, Делан цІийнан чухуларчу а, уггар езачу а чоьн чохь йолчу шен метте дІахІоттийра, каруб-маликийн суьртийн тІемашна кІел. Дауда Сулиме элира: «Сан кІант! Сайн Везачу Далла лерина цІа дан дагадеанера суна. Ткъа хьуна, сан кІант Сулим, вовзийла хьайн ден Дела. Хьайн доллучу синца а, доггах а Далла гІуллакх де, хІунда аьлча Везачу Элана хаьа хІораннан а даг чохь дерг а, цуьнан ойланаш а евза Цунна. Нагахь ахьа Веза Эла лахахь, Цо Ша каравойтур ву хьуна. Амма Шегахьара Хьо дІаверзахь, Везачу Эло гуттаренна а дІатосур ву хьо. Динан дайша Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ, схьа а деана, Делан цІийнан чухуларчу а, уггар а езачу чоьнна чохь шен метте, каруб-маликийн суьртийн тІемашна кІел, охьадиллира.
Выбор основного перевода