Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Ткъа Йордан-хина дехьа а девлла, шун Везачу Дала шайн дола доккхуш долчу декъа тІехь шу даха хевшича, шуна го бинчу массо а мостагІех Цо, шу паргІат а даьхна, шуна синтем бича, шу кхерам боцуш дехар ду. Массо а агІор царна синтем белира Везачу Эло, церан дайшка Ша ма-аллара. Исраилхойн мостагІех цхьа а царна дуьхьало еш вацара. Везачу Эло церан кара дІабеллера мостагІий. Везачу Эло исраилхой гонах болчу мостагІех кІелхьарбаьхначул тІаьхьа дуккха а хан яьлча, ЮшаІ, къан а велла, хене вирзинера. Паччахь шен цІахь Іаш вара. Везачу Эло иза шена гонах болчу мостагІех мукъа витинера. Дауда олура: «Исраилан халкъан Везачу Дала Шен халкъана машар белла. Веза Эла гуттаренна а Ярушалаймехь вуьсу.
Выбор основного перевода