Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Параллельные места
Бекхам а ма бе, оьгІазалла а ма латтае хьайн халкъах болчу нахе. Хьайн уллораниг хьо санна веза. Со Веза Эла ву. ХІара денош дІадевлча, иштта барт бийр бу Аса Исраилан тІаьхьенца, – боху Везачу Эло. – Сан товрат-хьехам церан кортош чу буьллур бу, ткъа иза церан дегнаш тІехь язбийр бу Аса. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду. ХІораммо а шен уллорачунна а, шен вешина а кхин Іамор дац: „Веза Эла вовза“, – бохуш, хІунда аьлча массарна а, хьалдолчунна тІера къечунна тІекхаччалц, Со вевзар ву, – боху Везачу Эло. – Цаьргара даьллачу вочунна Ас гечдийр ду, церан къинош кхин дагадоуьйтур дац Аса». Пайхамарийн цхьана тептар тІехь яздина ма-ду: „Берриш а Дала Іамор бу“, – аьлла. ХІора, Дас бохург а хезна, цунах кхетта верг вогІу Суна тІе. ХІара ду Ас шуна тІедуьллург: „Дезийла шуна вовшийн, Суна шу дезадаларе терра“.
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода