Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Параллельные места
Ткъа хІинца, къинан олаллех паргІат а даьхна, шу Делан леш хилча, цунах Далла гергакхачаран пайда хуьлу шуна, ткъа иза бахьана долуш хедар доцу дахар хир ду шун. ХІокху дуьненан ойланашца ма лелалаш, амма шайн хьекъал, метта а даладайтина, Деле карладаккхийта. ТІаккха бевзар бу шуна шайх лаьцна болу Делан лаам. Шуна хуур ду Далла хьалха диканиг а, Далла тамехь дерг а хІун ду а, Делан кхачаме лаам муха бу а. Ткъа шуна ца хаьа, вайн догІмаш Дала леррина Къобалвинчун дегІан меженаш юйла? ТІаккха, Цуьнан меженаш схьа а яьхна, уьш сийсазйохур юй те ас? ХІан-хІа, иштаниг хуьлийла а дац! Ларлолаш сийсаздовларх! Адамо латош долу муьлхха а кхидолу къа дегІах лета къа дац. Ткъа сийсаза лелачо шен дегІана къилахь долу хІума до. Нахаца лелар а, боьха лаамаш а, бІаьрмециг хилар а – и хІуманаш, шу Делан долахь долу дела, ур-атталла цІе йоккхуш а ма хуьлийла шуна юкъахь. Цундела кхетам боцуш ма хилалаш. Везачу Элан лаам муха бу хаа гІерталаш. Иза иштта долу дела, шайна чохь лелаш болу а, кху дуьненца боьзна болу а адамийн лаамаш хІаллакбелаш: нахаца лелар, цІена доцург лаар, боьхачу лаамех дуьзна хилар, зуламе лаамаш хилар, сутара хилар (хІунда аьлча сутара хилар цІушна Іамал яр санна ду).
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода