2
Ткъа шу долчу тхайн динан ваша Тимапи вахийтира оха. Иза Делан гІуллакх а деш, тхоьца Дала леррина Къобалвинчух лаьцна хаза кхаъ кхайкхош къахьоьгуш ву. Аша хьоьгучу халонашкахь шун цхьаннен а ойла ца карчийтархьама, шу динехь чІагІдалийта а, Делах тешаран гІуллакхна тІехь шун дегнаш иракарахІитто а вахийтина оха иза. Шуна шайна хаьа, иштта халонаш вай лан езийла.