Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Параллельные места
Сан хьоме динан вежарий! ЧІагІлой а хилалаш, меттах ца довлуш а латталаш. Шаьш Везачу Элана лерина деш долчу гІуллакхех дуьззина хилалаш, хІунда аьлча шуна хаьа, шаьш Везачу Элаца доьзна долу дела, аша мел деш долу гІуллакх эрна довр доцийла. Тхо Дала леррина Къобалвинчун цІарах дахкийтинарш ду, ткъа Дала Ша тхоьгахула шуьга хаам беш санна хуьлу. Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа доьху оха шуьга: «Делаца шаьш тайтийша!» Иза иштта хилча, суна, шу долчу а веана, шу гича, я кхечанхьа а волуш, шух лаьцна иштта хезар ду: уьш цхьаалла а йолуш, берриш а цхьаъ санна, хазачу кхоаца цхьаьнадогІучу тешарна къахьоьгуш бу.
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода