Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Параллельные места
ХІума лечкъош хиллачо кхин ма лечкъае. Мелхо а, шен куьйгашца диканиг а деш, къахьега деза цо. ТІаккха мискачунна кховдо хІума а хир ю цуьнан. Динан вежарий! Вайн Веза Эла волчу а, Дала леррина къобалвинчу а Іийсан цІарах весет до оха, аша тхоьгара тІеэцначу Делан хьехамашца а ца лелаш, мало йолуш волчу муьлххачу а динан веших дІакъаста аьлла. Шуна шайна а ма хаьа, шу, тхо ма-леллара, лела дезийла. Оха шу долчохь мало ца йора. Цхьанна а меттехь маьхза бепиг ца дуура оха. Мелхо а, шуна цхьанна а тхайх бала ца бархьама, дийнахь а, буса а, къа а хьоьгуш, болх бора оха. Иза-м тхайн бакъо яц аьлла а доцуш, шуна тхайгара дика масал далийта дора оха, шун а иштта лела лаам хилийтархьама. Шу долчохь тхаьш хиллачу хенахь, оха хІара весет динера шуьга: «Къахьега ца луучо хІума а ма яа», – аьлла. Шу долчуьра цхьаболу нах, къинош а летош, мукъа Іаш бу бохуш, хеза тхуна. ХІумма а ца деш болу уьш нехан гІуллакхашна чу юкъагІерта. Ишттачарна вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан цІарах тІедилларца оха хьоьху, шайн куьйгашца къа а хьоьгуш, шайна догІу рицкъа даккха а, синна паргІат хила а.
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода