Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Параллельные места
ХІунда аьлча Со шун Веза Дела ву. Суна хьалха шаьш дІакъастаделаш, иштта цІена хилалаш, хІунда аьлча Со а цІена ву. Лаьттахула текхачу боьхачу хІуманашка шаьш бех ма дайта. ХІара кехат оха яздо Коринт-гІаларчу Делан динан тобане. Дала леррина къобалвинчу Іийсаца уьйр хиларна, Дала даздинарш ду шу. Иштта, Делан долахь хила къастийнарш а ду шу, ткъа шуьца цхьаьна массанхьа а тхан Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсага кхойкхурш а иштта тІекхайкхина бу. Тхан Веза Эла хилла а ца Іаш, Іийса церан а Веза Эла ву. Дуьне а кхоллале, вай Іийсагахула къастийна дара Цо, Шена хьалха вай цІена а, деза а хилийтархьама. Шена вай деза дела, ХІунда аьлча тхан хьехамашкахь дацара шу тило гІертар, я цхьа вониг шуна хила лаар, я шуна хІилла дар. Везачу Элана безна вежарий! Шу хьалхарнаш ду Делан Сино шу Делан дола дахарца а, билггал бакъдолчух тешарца а Дала кІелхьардаха хаьржинарш. Цундела шуна тІера Деле даим баркаллаш баха деза оха. Оха кхайкхийна хаза кхаъ бахьана долуш шу Дала хаьржина, вайн Веза Эла волчу, Ша леррина къобалвинчу Іийсан сийлаллин декъашхой шу хилийтархьама.
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода