Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Параллельные места
Цхьаммо ала тарло: «Яа хІума а – ген дуьхьа ю, ткъа ге а – яа хІуманна ду. Эххар а Дала иза а, важа а хІаллакдийр ду». Делахь а вайн дегІ вай сийсаздаха кхоьллина дац, иза Везачу Элан дуьхьа ду. Ткъа Везачу Эло вайн догІмаш Іалашдийр ду. Ткъа шуна ца хаьа, вайн догІмаш Дала леррина Къобалвинчун дегІан меженаш юйла? ТІаккха, Цуьнан меженаш схьа а яьхна, уьш сийсазйохур юй те ас? ХІан-хІа, иштаниг хуьлийла а дац! Ларлолаш сийсаздовларх! Адамо латош долу муьлхха а кхидолу къа дегІах лета къа дац. Ткъа сийсаза лелачо шен дегІана къилахь долу хІума до. Амма сийсазваьлла ца лелархьама, хІора стеган а шен долахь зуда хила еза. ХІора зудчун а шен майра хила веза. Ткъа и хазна оха тхешан кхийра кхабанаш чохь лелайо. Иза ду тІех боккха болу ницкъ, тхоьгара а боцуш, Делера хилар хаийтархьама.
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода