Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Параллельные места
ТІаккха, Дала леррина Къобалвинчуьнца а болуш, белларш а ма хуьлу хІаллак? Делахь а, беллачарна юкъара болу дуьххьарлера стом санна, Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра ден ма вина. Цу хенахь Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна дацара шу. Делан долахь долчу Исраилан халкъах дІакъастийна дара шу. Делаца бинчу бертан а, цу чу йогІучу чІагІонийн а декъахь а дацара шу. КІелхьардовларе догдохийла дацара шун. Дуьнен чохь шу Іеса адамаш дара. Ткъа вай дезначу, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсас а, вайн Да волчу Дала а Шен маьхзачу диканца хаддаза иракарахІиттор а, хиндолчу дикане сатийсар а делла вайна.
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода