Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Параллельные места
Цуьнан мурдаш юьхьанца ца кхийтира цунах. Амма, тІаьхьа, Іийсан сийлалла кхочушхилча, кхийтира уьш, и дешнаш Цунах лаьцна яздина хиларх а, и дерриг а Цунна дина хиларх а. Аса, ваха а вахана, шуна меттиг кечйина яьлча, тІаккха юха а веана, Со волчу дІадуьгур ду шу, шу а Со волччохь хилийтархьама. Иза а аьлла, церан бІаьргашна хьалха стигала хьалаваьхьна волу Іийса мархи юкъахь кхарна гучуьра къайлавелира. ЛадогІалаш, къайлаха долу цхьа бакъдерг довзуьйту ас шуна: вай дерриш а лийр дац, амма вай дерриш а хуьйцур ду. Иза хир ду цІеххьана, бІаьрган негІар а тохале, турбано тІаьххьара зурма лекхча. Турбано зурма ма-леккхи, белларш телхар боцучу тайпана ден а бийр бу, ткъа вай хуьйцур а ду.
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода