Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Параллельные места
«Оцу хенахь хьан халкъ Іалашдеш долу а, сийлахь эла долу а Микаал-малик гучудер ду. ТІаккха адамаш дуьнен чу девллачхьана, хІокху ханна тІекхаччалц, цкъа а хилла йоцу хала хан йогІур ю. Ткъа оцу хенахь хьан халкъана юкъара берриг а Делан тептар тІе дІаязбина карор берш кІелхьарбевр бу. Турбин озаца Ша хаьржинарш дуьненан еъа а маьІІера схьагулбан дохуьйтур ду Цо Шен маликаш, стигалийн цхьана йистера вукху йисте кхаччалц». Иза а аьлла, церан бІаьргашна хьалха стигала хьалаваьхьна волу Іийса мархи юкъахь кхарна гучуьра къайлавелира. Мурдаш леррина стигала хьоьжуш лаьттара Иза хьалахьочу хенахь. ЦІеххьана царна хьалха кІайн духар тІехь долу ши стаг дІахІоьттира. «Галилай-мехкан бахархой, – элира цара, – шу хІун деш лаьтта, стигала а хьоьжуш? Шу долчуьра Іийса стигала хьалавоккхуш шуна гина ма-хиллара, Иза иштта юха а вогІур ву».
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода