Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Параллельные места
Массо а ницкъийн Веза Эла, Ахь нийсонца кхел йо, адамийн дегнаш а, хьекъал а зоь. Суна Ахьа царна бекхам беш ган лаьара, хІунда аьлча сан гІуллакх Аса Хьан кара дІаделла. Амма Веза Эла волу Со цуьнан даг чохь дерг хаа йиш йолуш ву, цуьнан тешар зен йиш йолуш а ву, цу нахана царна доггІург дІадалархьама». Ткъа хІинца нахана хьалха диканиг хилар лоьху те ас я Далла хьалха дика хилар лоьху те? Адамашна хьалха диканиг хилар лоьхий те ас? Нагахь аса адамашна хьалха со дика хетар хІинца а лехахьара, Дала леррина Къобалвинчун гІуллакх деш верг хир вацара со. Цара мелхо а чІагІдира, хаза кхаъ кхечу къаьмнашна кхайкхор суна тІедиллина хилар, иза жуьгташна хьехар Кипина тІедилларе терра. Сийлахь а, декъала а волчу Дала тешарца соьга схьабеллачу хазачу кхоаца бу и хьехамаш.
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода