Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Параллельные места
Йиъ тІаьхье чекхъяьлча, хьан халкъ кху лаьтта тІе юхадогІур ду, хІунда аьлча кхузахь Іаш долчу эмар-халкъан харцонийн барам кхочушхилла бац хІинца а». «ХІинца, адаман кІант, хІара бу хьуна Хьалдолу Эла волчу Соьгара Исраил-мехкан халкъана лерина болу хаам: тІекхаьчна чаккхе. Берриг а мехкан еа а маьІІе кхаччалц тІекхаьчна чаккхе. Исраилхой, шуна чаккхе тІекхаьчна. Сайн оьгІазалла охьаІанор ю ас шуна тІе. Ас кхел йийр ю шуна, аша лелийначу дерриг а вонашка хьаьжжина, ткъа Ас бекхам бийр бу шуна, аша мел лелийначу дегазчу гІуллакхашка хьаьжжина. Ас къинхетам бийр бац шух, кхоор дац шу. Аша лелийначунна а, шун дегазчу гІуллакхашна а бекхам бийр бу Аса. ТІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла». Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Бохамна тІаьхьахІоьттина богІуш бохам бу! ТІекхочуш ю чаккхе! Улло кхаьчна чаккхе. Иза кестта шу долчохь хир ю. Иза хІинцале а тІекхаьчна. ТІаккха, и кхузткъе шозза йолу ворхІ-ворхІ хан-зама яьлча, Дала къобалвинчун дахар хедар ду, цунна дуьхьалдаккха хІумма а дацахь а. Ткъа гІала а, Делан цІа а вогІур волчу баьччанан халкъо дохийна хир ду. ТІаьхье хир ю цуьнан, дистина деанчу хин тІаьхье санна. Ткъа дуьненан чаккхе тІекхаччалц тІом хир бу, билгалбаьхна болу бохамаш а хуьлуш. Дукхахболчаьрца цу баьччано цхьана ворхІ хан-заманна барт чІагІбийр бу. Цу ворхІ заманан эханехь дийнаташ дагош сагІа даккхар а, кхийолчу хІуманийн сагІа даккхар а сацор ду цо. Ткъа Делан цІийнан уггар лекхачу меттехь вас еш йолу къемате хІума дІахІоттор ю цо, билгалъяьккхина йолу чаккхе шена тІекхаччалц». Шайн дайша лелийнарг кхин а тІехдаккха! Лаьхьанийн тІаьхье! Жоьжахатих муха довла дохку шу?
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода