Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Параллельные места
хІунда аьлча суна чІогІа шу ган лаьа, Делан Сино луш долу дика шуьца декъархьама а, цуьнгахула тешарехь шу чІагІдархьама а. Динан вежарий! Шуьга дІахаийта лаьа суна: дукхазза а шу долчу ван кечвеллера со, амма, хІара хан тІекхаччалц, и дан сан аьтто ца болура. Кхечу къаьмнех болчу вукху нахана юкъахь санна, шу долчохь а стом кхио лаьара суна. Со дегІаца шу долчохь вацахь а, сайн синца шу долчохь волу дела, аса шуьца волуш санна кхел йина цу тайпана сийсаза лелаш волчунна. ХІунда аьлча со, шуна гуш юххехь вацахь а, синца шуьца ву. Шун оьзда дахар а, Дала леррина Къобалвинчух шун чІогІа долу тешар а гуш, воккхавеш ву со.
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода