Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Параллельные места
Аса дІахоуьйту шуьга, динан вежарий, йижарий, ас шуна кхайкхийна хаза кхаъ адамашкара боцийла. ХІунда аьлча аса и хаза кхаъ адамашкара тІеэцна а бацара, амма Дала леррина къобалвинчу Іийсас и кхаъ суна бовзийтина хилар бахьана долуш, ас и кхаъ тІеийцира. Хих чекхдовлучу хенахь Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна дІадоьхкина долу шу Цуьнца цхьаьна денделла, Иза веллачуьра денвинчу Делан ницкъах шун долчу тешарца. Тхайн доІанашкахь, шу дага а лоьцуш, шуна массарна тІера даим Далла хастам бо оха. Шу долчохь тхан хаза кхаъ кхайкхор дашца бен хилла ца Іаш, Делан ницкъаца а, Делан Синца а, кхин а боккхачу тешамца а ма бара. Шуна шайна хаьа, шун дуьхьа шуна юкъахь тхо муха Іара. Делан дош тІе а эцна, тхох а, Везачу Элах а тарделла дІахІитти шу а. Аша дукха баланаш лайнехь а, Делан Сино хазахетар лора шуна.
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода