Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Параллельные места
ХІусамдай кхийтира йоІа шайна бахьаш болчу пайданах шаьш довларх. Цара ПахІал а, Сали а, схьа а лаьцна, гІалин хьаькамашна тІе майдане дІатакхийра. Римхойн кхелахошна тІе уьш схьа а балийна, элира цара: «ХІара нах жуьгтий бу. ХІорш бахьана долуш вайн гІалахь синтеме дац. Кхара дуьйцуш долу гІиллакхаш вайна, римхошна, я тІеэца а, я лело а товш дац». Гулбелларш, бехкаш дохучарна тІе а тайна, ПахІална а, Салина а дуьхьалбевлира. Кхелахоша, тІера хІуманаш дІа а яхий, кхарна гІожмаш етта элира. ЧІогІа етта а йиттина, набахти чу кхиссира векалш, гІаролан хьаькаме леррина хІорш ларбе а аьлла. И омра хезча, гІаролан хьаькамо уьш чуьрчу цІа чу боьхкира, дечиган буржалш а тоьхна. Уьш, Ампиполехула а, Аполлонехула а чекх а бевлла, Тассалник-гІала баьхкира. Цигахь жуьгтийн гуламан цІа дара. Ша гуттар а ма-ваххара, кхаа шоьтан дийнахь цу чу а воьдуш, Делан Йозанаш тІера масалш а далош, нахаца къамел дора ПахІала. Цо дуьйцура цигахь гулбеллачу нахана Дала леррина Къобалвинчун баланаш лан дезарх а, веллачуьра Иза денваларх а лаьцна. Ас шуьга вуьйцуш волу и Іийса Дала леррина Къобалвинарг ву бохура ПахІала. Царах цхьаберш, Іийсах а тешна, ПахІалах а, Салих а дІакхийтира. Далла Іамал еш болу дуккха а Грекийн-махкара нах а, лоруш болу зударий а бара царна юкъахь. Амма тІаьхьа ца хІиттина, Іийсах а ца тешна, хьагІ лаьцна болу жуьгтий, гІалин майданара харцахьа лела нах схьа а эцна, тобане а гулбелла, гІала марсаяха хІиттира. Ясонан цІийна улло а баьхкина, ПахІал а, цуьнан накъостий а халкъана хьалха хІитто гІертара уьш. Шу а, со а хаза кхаъ ларбархьама цхьатерра дикачу тІамехь ду. Шуна ма-гарра, хьалха а ас беш изза тІом бара. Ткъа хІинца, шуна ма-хаззара, со кхидІа а оццу тІамехь лаьтташ ву. Сайна чохь болх беш болчу Цуьнан ницкъаца оцу Іалашонна къахьоьгуш ву со. Шу долчохь тхан хаза кхаъ кхайкхор дашца бен хилла ца Іаш, Делан ницкъаца а, Делан Синца а, кхин а боккхачу тешамца а ма бара. Шуна шайна хаьа, шун дуьхьа шуна юкъахь тхо муха Іара.
1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода